Лараме  накъостий!

-Д1адолалуш ду керла дешаран шо.  Аша т1елаьцна болх, хазнеха сана, хала а, жоьпалле а бу. Делахь а, иза Далла хьалха беза а, меле а бу, аша кхиош ерг вайн къоман т1аьхье хилар бахьана долуш. Вайн аьтто хилла мехкан куьйгалхочо 1абдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана  дешаран г1уллакхна а, къона т1аьхьне кхиорна а алссам тидам т1ебохуьйтуш хиларна.  И аса ца дийцича а, шуна гуш ду. Де дийне мел дели вайх д1ахедаш бу  хене бевлла, дуккха а шерашкахь болх бина, хьехархой. Церан меттана вайн школийн куьйгалхоша  схьаоьцу, институт я колледж чекхъяьккхина,  къона специалисташ. Ткъа дукха хьолахь уьш шерра болх бан ца хууш хуьлу. Цхьаболчу куьйгалхоша орца доьху махкал арахьара, оьрсийн хьехархой чукхойкхуш. Царна бег1ийла алапа а х1оттадо. Делахь а, иза г1олехь болу некъ бу олийла дац, х1унда аьлча, цкъа делахь, тоьлла хьехархо Россира ишколан директоро атта д1а а вохуьйтур вац, я иза веача а, ши-кхо шо далале д1аг1ур ву шен махка. Суна хетарехь, вай д1акхехьа безаш берг кхи некъ бу.  Иза бу вайн кегийра хьехархошна дола а деш, уьш  методикца ч1аг1 а беш, куьйгалхоша цаьрца болх бар. Цу некъахь алсам пайда хуьлу царна хьехамчаш-наставникаш х1иттийча. Оьший-техьа, институт а яьккхина, схьавеанчу хьехархочунна наставник?.. Оьшу дера! Цхьаммо эр ду цо институт ма яьккхина. Институт-м яьккхина, делахь а, цигахь царна 1амийнарг теори ю, ткъа белхан масалш царна к1езиг гина. Цундела,  куьйгалхочо  омра а тоьхна, тоьлла болчу хьехахошна т1едожо деза кегийрхошна дола дар. Цхьаволчо-м, ша т1евоьдуш а, хоттур ду ша цакхетарг, ткъа и хаьттича,  эхь ду моьттуш дукхах берш 1ад 1а. И санначаьрга воккхачо хаза т1е а кхайкхина ала деза: «Схьавоьлла, схьайоьлла! Муха ду хьан  г1уллакхаш?  Х1у  г1о-накъосталла оьшу хьуна?»-  аьлла. И тайпа къахьоьгучу нахана вайн мехкан Правительствос  кху шеран 7-чу августехь 167-чу терахьца т1еэцна керла Сацам:  «наставникна» 10% алапа т1етоха куьйгалхочунна бакъо луш. Бакъду, и керла т1ебаьхкинчу хьехархойн кхоччучу барамца  куьйгалхоша а дола  дахь, уьш нийсачу некъа т1е бохуш, цара муха болх бо, царна х1ун г1о-накъосталла оьшу  уьш хьовсуш хилахь,  царна т1ехь хила беззачу кепара  тидам  латтабахь,  уьш 1емар бу  дика болх бан.  Цуьнга вай са а туьйсу.                                                                                                                                                 Шу  массо а, яхь а йолуш, вайн халкъ а дезаш, къахьоьгуш нах ду. Со а, сан накъостий а теша  вайн к1оштан дешаран кхерчийн  хьехархойн корматалла алссам дебарг хиларх а, шун белхан кхиамаш совбевриг хиларха! Шу беркате адамаш ду, цундела суна шуна совг1атана масех иллин байт хазийта лаьа.  (Илли «Беркате адамаш-хьехархой!») Даггара декъалдо шу дешаран керлачу шарца! Дала аьтто бойла шун! Могуш-маьрша а долуш, дукха дехийла!   С.А.Магамадов                                                                                                                           

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *