
Лараме махкахой! Белхан накъостий!
Ас декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Нохчийн мотт вайн къоман бух бу. Цо чулоцу вайна деза а, сийлахь а, хьоме а мел дерг: нохчийн къоман исбаьхьалла, истори, г1иллакх-оьздангалла, 1адаташ.
Нохчийн Мехкан Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1адолийра ненан мотт кхиоран г1уллакх. Ткъа цуьнан к1анта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен лерринчу Указаца ч1аг1 а деш, билгалдаьккхира Нохчийн мотт ларбар, 1алашбар, кхиор, шен къоман истори, культура йовзар, езар вайн сийлахь декхар хилар!
Лараме махкахой! Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Дала могашаллий, ирс-аьттуй хуьлуш, дехийла шу маьршачу дуьненахь, ткъа дагчохь кхуьийла шайн ненан матте мерза безам!
Герзелиев Даутхан, Нохчийн Республикин Дешаран Профсоюзан куьйгалхо