
Лараме белхан накъостий, хьехархой, махкахой!2007-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен лерринчу Указаца ч1аг1деш, билгалдаьккхина, 25-чу апрелехь даздеш ду Нохчийн меттан де!Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа чIогIа дика кхеташ вара къоман бух хилла лаьттачу оцу мехаллех. Цо коьрта лорура ненан мотт а, къоман культура а ларйаран гIуллакхаш. Вайн махкана уггаре а чолхе беанчу муьрехь Ахьмад-Хьаьжас гIолецира йаздархойн а, меттан Iилманчийн а. Цо дIадолийна хилла и дика гIуллакх вай дозаллица дIакхоьхьуш ду. Цундела тахана оьрсийн маттаца цхьаьна пачхьалкхан меттан статус йолуш бу нохчийн мотт а. Дикка тоделла иза школашкахь а, вузашкахь а хьехар. Дерриге а хьелаш кхуллуш ду иза кхидIа а кхиорна, нохчийн меттан сий лакхадаккха!Мотт мел бу вайн къам дуьсур ду. Цундела вайн уггаре а коьрта декхар ду тIекхуьучу къоначу тIаьхьенашкахь цуьнга безам кхоллар, иза царна марзбар.
Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла а, аьтто а хуьлийла.