Лараме хьехархой!
Ас даггара декъалдо шу корматаллин дезачу денца – Хьехархочун денца!
Вайн берийн хиндолчух доккха жоьпалла ду шун белшаш тIехь – жимачохь дуьйна аш цаьргахь хааршка безам кхуллу, Iамадо Даймохк беза, вайн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ лара, деза, лело.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) кIорггера тешна вара: дика дешар – вайн халкъан хиндерг кхиаме хирг хиларан закъалт хиларх.
Ахьмад-Хьаьжин хьехархошца хилла юкъаметтиг къеггина гойту цуьнан дика девзаш долчу хIокху дешнаша: «Хьехархо ву къам кхуллуш верг».
Ахьмад-Хьаьжин некъ кхинд1а а жигара д1акхоьхьуш волу цуьнан к1ант Рамзан бахьана долуш, тахана республикехь болх беш ю,кхузаманан тоьлла материально-техникин бух болуш, дуккха а школаш. Эзарнаш хьехархой бу дешаран гIуллакх дика а, кхачаме а хилийтарна кхачоеш.
ДIахьош болчу балхо таро ло оьзда, хьекъале, кхетам болу тIаьхье кхио, цара дакъалоцу республикехь дIахьочу кхиоран гIуллакхашкахь, кхиамца пайдаоьцу шайн таронех, хаарех.
Шайн дахар оцу оьздачу, мелехьчу балханаца кхоадо хьехархоша.
Хьомсара хьехархой! Ас даггара баркалла боху шуна аш и чолхе а, жоьпалле а болхдаггара барна, шун корматаллина, собарна, син коьмаьршаллина, хаьржинчу гIуллакхна тешаме, муьтIахь хиларна.
Профсоюзо леррина тидам тIебохуьйту хьехархойн массо агIор гIолацарна, гIуллакхаш до церан бакъонаш ларъярехь, могашалла ларъярехь, диканехь-вонехь,дахаран хьелаш тодарехь г1олацарехь. Кхинд1а а шун ларам а, тидам а, накъосталла а дан дагахь а ю Профсоюз! Вайн цу т1ехь Дала аьтто бойла!
Лаьа шун ирс, аьтто хуьлийла, шуьга дешархойн сий-ларам хуьлийла, шу царна дезийла, шух гергарнаш кхетийла, цара шун гIолоцийла!