
ЛЕРАМЕ МАХКАХОЙ, ЙИЖАРИЙ, ВЕЖАРИЙ!
Сийлахьчу АллахI-Дала къобалдойла вайн марханаш, Дала тIейогIучу массо а ханна кхаба а, даста а ницкъ, хьуьнар а, могашалла а, има-беркат а лойла вайна. Лайна йолу хало, хьегна къа а, йина Iамалш а Цу Дала Ша реза волчу кепара диканца совйохийла массо бусулбанан, Мухьаммад-Умматан.
Дала вовшийн дезар, дог лазар а лойла вайна!
Дала хIара мархийн бутт бахьана долуш, ялсаманехь Iар-дахар лойла вайна.
И Веза Дела дукхавезна, Цу Далла дукхадезначу тобанах дойла вай!