
Лараме белхан накъостий!
Аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Шен мотт боцург къам дац, олуш ду вайн. Ткъа и мотт бан а болуш, иза ца лелош дерг ах къам бен дац!
Вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Къоман меттан х1ара Деза де делла вайна совг1атана. Кху дийне вайн къам кхачорхьама шен дахар д1аделла Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, Дала г1азот къобалдойла цуьнан.
Ткъа тахана, цу некъат1е х1оьттинчу Рамзана вайна динарг ойла йина ца валлал доккха дик ду. Т1амо аьтта, х1аллакбина мохк тобина, ц1анбина, хазбина, юха схьабалар а ду вайна доккха совг1ат.
Ваьш муьлш ду диц ца далийта, вайн орамаш ца талхийта, вайн къоман г1иллакхийн, оьздангаллин сий деш, вай хаза, маьрша дахийта, шен Указаца билгалдаьккхина ду 25-г1а апрель – Нохчийн меттан Деза де дина! Дела реза хуьлда цунна!
Лараме белхан накъостий, профсоюзан декъашхой, къаьсттина нохчийн меттан хьехархой – ненан мотт ларбархой, аса, боккъалла а, вайн хьекъалечу къомах, исбаьхьачу махках, инзаре комаьршачу маттах воккхаверца, юха а декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
